Дуа
Муджиру
Исполнитель: Дуа
Длительность: 07:33
Размер: 13.83 МБ
Качество: 256 kbit/sec
Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!
Текст песни "Дуа — Муджиру"
ДуIа Муджиру
Делера Салам хуьлда Дела Элчано Элира:
ХIара доIа дешна стаг жоьжагIатех хьалха вер ву.
ГIайгIа йолчу стага дешахь, хаза хетар хир ду.
Цамгар долчу стага дешахь, лазар дайлур ду.
Мискачу стага дешахь и цунах хьалха вер ву.
Цкьа хIара доIа дешча,Далла гергахь долчу Маликана болу мел хир бу.
ИбрахIим, Муса, Iиса-ПайхIмаршна болу мел хир бу.
ПайхIмара аьлла (Соллаллаху алайхи ва саллама):
ХIара доIа дуьненчохь йоккхучу хенахь I дешахь Дала цу стагана каша Iазап дийр дац.
Шен ният цIан дина хIара доIа ПIерскана буса 3 - за я 5 - за дешахь - Дела Элча гур ву, аьлла ду.
Шен яйна хIума йуха йоьхуш дешахь - йуха ерзор йу аьлла ду.
Дуккха а къинош долуш и стаг велахь а, цунах хьалха вер ву - аьлла ду, хIара доIа доьшуш хилчи.
ГIазоте ваха шена дага деачи, хIара доIа кара а эцца,керстанаш байа - Дала цунна гIо дийр ду - аьлла ду.
Лам тIехь хIара доIа дешчи, лам бегор бара - аьлла ду - цу доIана дозалла.
ПайхIмара аьлла (Соллаллаху алайхи ва саллама):
ХIара доIа дешча - Дала цуьна хьашташ кхочуш дийр ду.
Жинни лаьаро лаьцначу стага дешахь - лазар дIа дер ду.
ХIара доIа цIа чохь хилчи, цIа духар дац,беркат лаьттар ду.
ХIара доIа шена хуучу стага нахана Iама ца дахь - Дала цунна ницкь бийр бу.
ХIара доIа нахана Iама дахь - Дала и стаг балех хьалха воккхар ву.
Эзар шарахь динчу къиношна, ламанел деза далахьа - геч дийр ду.
ХIара хабар бакъ ца хетачу стагана, Веза, Воккха, ЦIена волчу Дала аьлла - ялсамане хьарам йийр ю.