Марха Буруева (Абетаева)
Даго хаьржинарг (M95)
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!
Текст песни "Марха Буруева (Абетаева) — Даго хаьржинарг (M95)"
Лаьмнийн баххьаш маьлхан з1аьнарш къагийна,
Шовданаш бухдуьйлуш лаьмнаьх го,
Аьрзоно шен т1емаш кура даржийна,
Зезагий куза мохо техкаш го.
1алам а, сан дахар суна хаздинарг,
Сан марзоне ирсе со йинарг,
Хьай безамца зезаг соьга кховдийнарг,
Хьо ву те и дуьне къагийнарг.
Хастам бо ас вай кхоьллинчу Далла,
Хьо вовза ирс цо даларна,
Хастам бо ас вай везачу Далла,
Вай рицкъанаш цхьана дозарна.
Х1у хала кху дуьненчохь яха,
Доьлуш хилча йовхо ярца дог,
Хилча 1уьйре-суьйре, ирсе дахар,
Лаьттах а ца кхеташ боккху ког.