Зули Хусиева Эдельвейс (New 2014) [M95]

Исполнитель: Зули Хусиева Длительность: 03:18 Размер: 7.61 МБ Качество: 320 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Зули Хусиева — Эдельвейс (New 2014) [M95]"

I. Мел генахь хьо хиларх,ас хьо лоьхур ду
Дагна дезна зезаг,суна хьоме ду
Некъаш дийр ду шортта,лаьмнаш тиллор ду
Хьоьл а хаза зезаг,дийца мичахь ду?

Припев:
Эдельвейс,сан дог хьуна дела делла
Б1аьргийн нур ахь д1а эцна
Дахар хаз дина
Генар хьо гича,дуьне хета сирла даьлла
Ахь сан ойла д1а яьхьна, безам ч1аг1 бина

II. Хьан хазалла юьйцу,ломахь кхиъна ду
Хьуна т1е кхача г1аьрташ,дукха нах ма бу
Шийла шовда санна,со хьайх хьега йо
Седанах тарделла ломахь къега хьо

Припев:
Эдельвейс,сан дог хьуна дела делла
Б1аьргийн нур ахь д1а эцна
Дахар хаз дина
Генар хьо гича,дуьне хета сирла даьлла
Ахь сан ойла д1а яьхьна,безам ч1аг1 бина
Безам ч1аг1 бина...

Еще песни Зули Хусиева

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)