Зезаг Исмаилова Нохчий йо1 (New 2014) [M95]

Исполнитель: Зезаг Исмаилова Длительность: 04:50 Размер: 11.31 МБ Качество: 320 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Зезаг Исмаилова — Нохчий йо1 (New 2014) [M95]"

Нохчийн йо1,оьзда йо1 тиллахьа йовлакх...
Йовлакхан мехалла къоман сий ду алий.
Нохчийн йо1,оьзда йо1 тиллахьа йовлакх,
Сий лардеш,сий ойъуш дай баьхна бу алий.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Нохчийн йо1,оьзда йо1 ларделахь г1иллакхаш.
Наноша лардинчу г1иллакхех ду алий.
Нохчийн йо1,оьзда йо1 ларделахь васташ.
Вайн дай а ларбинчу нанойн васт ду али.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Делахь а нохчийн йо1 бустуш бац барам,
Йовлакхци,духарци дег1ан сий,ларам.
Нохчийн йо1 хилалахь дог ц1ена даимна,
Шайн иман лардинарш,ц1ена хилларш бу алий.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Еще песни Зезаг Исмаилова

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)