Милана Висханова Дада

Исполнитель: Милана Висханова Длительность: 05:57 Размер: 5.45 МБ Качество: 128 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Милана Висханова — Дада"

1 куплет:
Дуьненах бода беш, еара суьйре,
Ц1еначу ойлани, хадаеш кхане,
Ма дасса ди ахь, х1ар мяьлха дуьне,
Хьо везаш эшначу маьрза доьзална.
Припев:
Дависарг, 1ожалла, ка тоха сих ели,
Лахьтане верзий ахь, сан хьоме Дада
Б1аьрг тоьхна ялале, Да воцуш йити,
Латта и стигал а суна даз-дели(2р.)..
2 куплет:
Хьо вог1у лар веш, йоьду сан 1уьйре,
Хьо гаре са туьйсуш, йоьду сан суьйре
Ас санна йоьхна, ойла ма йойла,
Да велла елха, йо1 ма юьсийла...
Припев:
Хьо воцуш дуьненахь, со елла хета,
Ас ечу ойлани, Да велла хета,
Маржа я1, дуьне хьо, ма эшна суна,
1аьржачу буьсане, йоьлху сан ойла(2р.)..
3 куплет:
Г1айг1ане йожий ахь, тхан хьоме Нана,
Даржийна 1адий ахь, х1ар дуьне цуьнна,
Къинт1ера валалахь, хьой везачаьрна,
Сан оьзда, сан дика, сан хьоме Дада..
Припев:
Ваша а воцуш, кхиъначу суна,
Дада хьоьх къастар, ца лало дагна,
Сан дика доттах, сан накъост вара хьо,
Хьоьх кхета кхиале, 1ожалло виги хьо(2р.)..
4 куплет:
Дуьне, хьо маржа я1 муха а лаьтта?
Сан дагчур бала, ца хаъ-те хьуна?
Сан хьоме Дада, хала ду суна,
Лахьте хьо верзийна, сой т1оьхул лела..
Припев:
Вай кхоьллинчу Аллах1а, къинхетам бойла хьоьх,
Вай кхоьллинчу Дала, декъала войла хьо
Хьоь яьлла хала ду, х1ар латта хьеша,
Дуьненна къурдаш беш, б1аьра а хьежа(2 р.)..

Еще песни Милана Висханова

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)